Нохчийн меттан де

25.04.2020

Арсанукаев Шайхи

"Ненан Мотт"

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь."Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!-Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь. ЛадогIа цкъа соьга, "хьекъале корта",ЛадогIа, яккхи дIа лергара потт:Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шортаШа хууш волчунна вайн нохчийн мотт. ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,МостагIче вистхуьлуш -- ду ира герз,Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу, моз санна, ша безачунна,Ламанан шовданал цIена бу и.Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга,Услара даггара хестийна и. БIешараш хийла а ихна и бекаш,Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.Кхоьллинчу халкъана хьанала бецашДаиман ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийлаДалхадеш, къийсамна гIиттина цо.Нохчочун майралла, оьздалла хийлаЗевнечу иллешкахь екийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха ву!

https://www.instagram.com/p/B_XNKmklZno/?igshid=zd79xyrykm9p